«1АКЪИДАТУР-РОЗИЯЙН» ШИНА РОЗИЙН 1АКЪИДАТ

Шина Ро́зийн Iакъидат

Суннатан бух а, бусалба динан кхетам а

 

Ро́зий цIе йолу шина Iеламстеган Iакъидат. (Иза: Абу Хьáтиман а, Абу ЗурIатан а, шайн заманахь Iилма долчу бусалбачу нехан мех-кашкахь баьхначу цIена кхетам болчу Iеламнахера схьаэцна Iакъидат ю).

Абу Мухьаммад Iабдур-Рохьман ибн Аби Хьа́тимас аьлла: «Ас сайн дега а, Абу ЗурIате а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) хаьттира: «АхIлус-суннатан Iакъидатехь цIена хилла болу кхетам бовзийтахьара?!», — аьлла.

«Иштта шайн заманахь Iилма долчу бусал-бачу нехан мехкашкахь баьхначу цIена кхе-там болчу Iеламнахера схьаэцна Iакъидат а довзийтахьара?!», — аьлла. «Иштта шайн Iакъидат а довзийтахьара ашшима?!», — аьлла.

ТIаккха цу шимма дийцира: Тхойшинна ги-на-кх Iеламнах Iилма долчу бусалбачу нехан мехкашкахь: Хьижазехь (СаIудехь) а, Iиракъехь а, Мисрехь а, Шемахь а, Йеминехь а, церан кхетамаш иштта бара:

Ийман: Иза олуш долу дош ду, еш йолу Iамал ю. АллахIа бохург дича лакхадолу иза, АллахIана Iеса хилча лах а ло иза.

Къуръан: Иза доссийна долу АллахIан къамел ду, цхьанна а агIор кхоьллина дац иза.

Кхел (яздинарг): Дика а, вуон а Сийлахь волчу АллахIера ду.

ХIокху умматехь Пайхамар () дIаваьллачул тIаьхьа уггаре везаниг: Абу Бакр ас-Сиддийкъ ву, цул тIаьхьа Iумар ибн ал-ХаттIа́б ву, цул тIаьхьа Iусма́н ибн Iаффа́н ву, цул тIаьхьа Iалий ибн Аби Тlо́либ ву, уьш, вай хьахийнарш, бакъон тIехь болчу бусал-бачу нехан халифаш а бу.

Иштта, итт асхьаб, АллахIан Элчано (ﷺ) шайн цIерш йохуш, шайна тоьшалла дина болу, уьш, Цо тоьшалла ма-дарра, ялсама-нехь хир бу, Цуьнан дош бакъ а ду.

Мухьаммад Пайхамаран (ﷺ) асхьабийн цхьана цIе йоккхуш хезча, «АллахI реза хуьлда цунна» алар а (деза лерина ду). Цар-на юкъахь боьжна болу къовсам цабийцар (дика ду).

Сийлахь волу АллахI Iаршан тIехулахь ву, Ша кхоьллина долу халкъаца иэвелла а во-цуш, Цо Ша Шен жайни чохь а, Элчанна (ﷺ) маттехула а куц хIотта ма-дарра, цхьанна хIуманах Иза тар а ца веш.

АллахIан Iилмано массо хIума чулаьцна, массо а меттехь ду Цуьнан Iилма. АллахIа аьлла: «АллахIах тера цхьа а хIума дац, массо а хIума хезаш верг а, массо а хIума гуш верг а ву Иза» [аш-Шу́ра́, аят: 11].

АллахI (Сийлахь, Беркате ву Иза) эхартахь гур волуш ву, ялсаманин охlлунна шайн бIаьргашца гур ву Иза.

Ялсаманин охlлунна Цуьнан къамел хезар ду, Цунна луучу хенахь а, Цунна луучу кепа-ра а.

Ялсамане а, жоьжахате а хилар бакъ ду. Кхоьллина ю и шиъ. Цкъа а дIаер йолуш а яц и шиъ. Ялсамане дика бекхам бу АллахIан гергарчу нахана (бусалбачу нахана). Жоьжахате таIзар ду, Цо бохург ца диначар-на, Сийлахь волчу АллахIа Шен къинхетамца жоьжахатех хьалхабитина боцучарна.

Жоьжахатан тIехула диллина долу сиро́тI-тIай хилар бакъ ду.

Ши кад болуш Мийзан-терза хилар а бакъ ду, цу тIехь узар йолуш ю леш йина йолу ди-ка а, вуо а Iамалш.

Элчанна (ﷺ) лерамана делла долу татол бакъ ду.

Къемат дийнахь шафаIат хилар а бакъ ду. АллахI Цхьаъ веш хилла болу бусалба нах (Iесалла бахьанехь), Жоьжахате бахан болу, шафаIат дарца арабохур болуш бу цу чуьра.

Кош-Iазап хирг хилар бакъ ду. Каш чу стаг дIа воьллинчул тIаьхьа «Мункар, Накир» цIе йолу ши малик догIург хилар а бакъ ду.

Адамаша мел деш дерг дIаяздеш долу мали-каш хилар бакъ ду.

Вай деллачул тӏаьхьа, Къемат-дийнахь гIит-торг хилар бакъ ду.

Даккхий къинош летийна болу бусалба нах, АллахIан лаамехь хир бу (Шена лаахь гечдийр ду Цо царна, я церан хьокъехь шафаIат къобалдийр ду, я Жоьжахате бо-хуьйтур бу, уьш къиношха цIанбаллалц).

Къилбехьа боьрзучу бусалба нахана кери-станалла (такфир) дийра дац вай (дин чуьра аравоккхуш доцу) къинош цаьргара довлар-ха. Церан дегнаш чуьра къайленаш кега ца еш, АллахIана юьтур ю вай.

Фарз долу гIазот деш а, хьаьж деш а бусал-бачу нехан куьйгалхошна тIаьхьахIоьттина дакъа лоцур ду вай массо меттехь а, массо заманахь а.

Бусалба паччахьашна дуьхьал тIамца ара-дийлар мегаш ца хета вайна. Иштта мегаш ца хета вайна бусалба нахана юкъахь питана а доьжна, баьллачу тIамехь дакъалацар а (мелхо а маслаIат дан деза царна юкъахь).

Сийлахь волчу АллахIа (шарIаца кхел еш) вайна тIехIиттийна болчу паччахьаша бо-хург а дийр ду вай, царна муьтIахь а хир ду вай, царна мутIахь хилар Iаддуьтур а дац вай!

Суннатан а, бусалба нехан а барт болчу хIуманна тIаьхьадозур ду вай, ларлур ду-кх вай тиларх а, дакъаздовларх а.

Пайхамар  (ﷺ) ваийтичахьана дуьйна схьа, къематде тIекхаччалц, джихIад хир долуш ду бусалбачу нехан амирашца, я цхьана хIумано джихIад дIадоккхур дац!

Иштта хьаьждар а.

Закташ бусалба динца кхел еш болчу пач-чахьашка дIадалар а (цаьрга иза дIаса-декъийтархьама). Бусалба нах ирс декъарехь а, кхидолчу хIуман тIехь а (гуш долчу хьолаца) бусалба лорур бу вай, амма АллахIана гергахь долу церан хьал вайна девзийла яц.

Муржиаш тилбелла бидIатхой бу.

Къадариташ (галъяьлла тоба ю) тилбелла бидIатхой бу, царах цхьамма алахь:

— «АллахIана ца хаьа яздинарг иза дожжалц», — иза керист ву.

ЖахIмиташ цIе йолу тоба керист ю.

ШийIаш Ислам-динна букътоьхна.

Хаварижаш АллахIана муьтIахь хиларх ара-бевла. Цхьамма алахь: — «Къуръан (АллахIан къамел дац) иза кхоьллина ду», Сийлахь волчу АллахIаца керистаналла дина цо. И галдаьлла дош хууш волуш бохуш волчун хьокъехь (иза кериста хиларехь) шеко ерг а керист ву».

Абу Мухьаммадас дуьйцу: «Сан дас дуьй-цуш хезнера суна:

БидIатхой бовзаран билгало: ЦIена Iакъий-дат тIехь болчарна даимна луьш хуьлу уьш. Мунепакъаш бовзаран билгало: АхIлус

суннатах «хьашавийхой» олу цара, цIена схьадеана долу (шайн дуьхьал долу) хьа-дийсаш духатоха Iалашо йолуш.

ЖахIмиташ цIе йолу тоба йовзаран билгало: АхIлуссунна хьокъехь «ташбихI» еш берш олу цара.

Муржиаш бовзаран билгало: Цара АхIлус-суннах сакхте (кхетамаш болу) нах алар ю.

ШийIаш бовзаран билгало: Цара ахIлус-сунна хьокъехь, Элчан (ﷺ) доьзалш а, цуьнан гергара нах а безаш бац бохуш, харцо йицар ю. АхIлус-суннатан и цхьа цIе йоцург кхин цIе ян а яц, хуьлийла дац цу тобанаш техкина йолу и цIерш цаьрца йогIуш хилар».

Абу Мухьаммадас дуьйцу: «Сан дас а, Абу ЗурIатас а, омардеш хезнера суна тилбелла-чу нахах а, бидIатан охIланах а генваларца, чIогIа терго йойтуш шога олур цу шиммо иза.

Цу шиммо бехк боккхура, хьадийсаш Iаддуь-туш, шайн хьекъалшца жайнеш яздеш бол-чаьргара. Цу шиммо ца магадора кхетамаш галбохуш болу нахаца охьахийшар а, церан жайнеш чу хьежар а.

Цу шиммо олур-кх: Нехан кхетамаш галбо-хуш верг цкъа а декъала хир вац (цу тIехь мел ву)».

Абу Мухьаммадас аьлла: «Цу кхетамехь со а ву.»

АллахIан пурбанца шина Ро́зийн Iакъидат юьйцу жима жайна чеккха дели

Charity and Human Rights Association